Подмосковьера Краснозаводскехь летарш хилла цхьана агIор Нохчийчуьра а, ГIалгIайчуьра а бахархой болуш, хетарехь, вукху агIор "Оьрсийн йукъараллин" векалш болуш. ТIаьххьарчу беттанашкахь Iедалхошкахьа йолу ультрааьтто организацино хаъал чIагIйина шен жигаралла – цуьнан декъашхоша рейдаш дIахьо Кавказера бахархойн долахь йолчу базарашкахь, кафешкахь, хостелашкахь, шайггара "талламаш" а беш. Цара ницкъ беш, кхерамаш туьйсуш боллушехь бакъоларйаран органаша дукха хьолахь формалехь цхьа барамаш дуьхьал а бохий, тесна буьту уьш. Тхан сайто хеттарш динчу эксперташна хетарехь, оцу кепара хIума таIзар доцуш дитаро ксенофоби чIагIйо, бакъйо.
ТIаьхьарчу девнийн рагI
Стигалкъекъа-беттан 4-чу буса "Оьрсийн йукъараллин" декъашхой Всеволжскехь тIелеттера Эрмалойчуьра вахархочун Овакимян Горин хIусамна. Оцу тIехула кхелхира и стаг, ткъа цуьнан 24 шо долчу Сочи гIалара йезарна чевнаш йинера, корах ара эккхарна, дийна йисинера иза. Пхиъ националист талламан декъе дIавигира, церан цIийнах хьоьвсина а хиллера. Хеттарш динчул тIаьхьа уьш дIахецнера тешийн статусехь а буьтуш. Ларамза стаг вер аьллачу Iедалан къепехула бехкзуламан гIуллакх а долийра.
Цул тӀаьхьа масех де даьлча Камешково гӀалахь "777" хьешан цIенна гергахь чхонкарш а, кастеташ а, арсаш а карахь долчу нехан тоба тӀелеттера ГӀалгӀайчуьра бахархошна. Масех стагана чевнаш йинера. И тӀелатар деш видео дIайазйина хиллера, дукха хан йалале социалан машанашкахула иза дIаса а йаржийра. Цигахь тӀелатар дарна жоьпалла "Оьрсийн юкъараллина" тӀедиллира. Цул тӀаьхьа ГӀалгӀайчуьра арахьарчу зӀенийн министро Мизиев Руслана дIахьедира, хьал республикан куьйгалхочун Калиматов Махьмуд-Ӏалин Ӏуналлехь ду аьлла.
Мангал-бутт йуккъе баьллачу хенахь "Оьрсийн юкъараллан" декъашхоша Москварчу Люблино олучу паркехь "лаьцнера" 8-12 шераш долу нохчийн ши дешархо. ТӀехбовлучу зударша гIо даьккхинера берашкахьа, царех цхьаъ церан гергара хиллера, цо хилларг видео тIе дIайаздинера. Полици а, Оьрсийчоьнан президентехула Нохчийчоьнан вуьззина векал волчун гӀовс Таймасханов Бекхан а схьакхаьчначул тӀаьхьа дӀахецнера кхиазхой. ТӀаьхьо "Оьрсийн йукъараллин" координаторо Ткачук Андрейс Люблинохь хилларг "питана" дара элира.
Оцу "жигархошна" тIаьхьабовла лууш бац Iедалхой
Оццу заманчохь ала мегар долуш Подмосковьера Раменскехь нохчийн кхача кечбен кафе цIе тесна йагийра. Арахьа хIоттийначу камери тIехь гуш ду, ресторанан фасадах цIе а тесна, цхьа стаг дIаводуш. Йерриг а йаьгнера ресторан. Iедалхошкахьа йолчу "ЧП Грозный 95" телеграм-каналан хаамашца, ресторанан долахойн шеконаш йу тIелеттарш "Оьрсийн йукъараллин" жигархой бу аьлла. Волайнхоша чIагIдо, цIетасар талла дуьхьал йу полици бохуш.
Эххар а, мангал-беттан 15-чу буса доккха дов иккхина, летарш хилира цхьана агӀор Нохчийчоьнан а, ГӀалгӀайчоьнан а бахархошна, вукху агӀор "Оьрсийн йукъараллин" векалшна а йукъахь. ГӀалгӀайчуьра Федерацин Кхеташонан декъашхо Хамчиев Белан а, Оьрсийчоьнан президентехула республикан гуттаренна а хIоттийна векал волу Мальсагов Мохьмад а йукъагӀоьртира цу хьолана. И бахьана долуш меттигера культурин хIусам йеш хилла нохчий а, гӀалгӀай а полицин декъе дIабигинера, цул тӀаьхьа дӀахийцира уьш. Уьш балха хIиттийнарг декхаре винера белхалой хийца.
Националисташ мигрантийн а, Кавказера бахархойн а кочабахна ца Iа. Масала, Подмосковьехь мангал-баттахь "рейд" дIахьочу заманчохь дружинникан кехат долу стаг гIоьртинера, мигрантах тарйелла МЦД-2 пассажир сацон. Бурятийн орамаш долу Оьрсийчоьнан йахархо хиллера иза. Журналистийн хаамашца, "дружинник" хиллера 42 шо долу "Оьрсийн йукъараллин" декъашхо, Украинана дуьхьал тIом бина Маров Алексей. Цунах ка а тоьхна, иза цу чуьра арайаккха гIоьртинера важа. Кхерайеллачу зудчо йоьлхуш, орца доьхура: "Со мигрант ма йац! Орца дала!" бохуш. ТIехбуьйлу нах йукъа а ца гIоьртинера. Инцидент видео тIе цхьаммо дIайазйинера. Бурятин куьйгалхочо Цыденов Алексейс тидам бира цуьнан. Магийта йиш йоцург ду бохура цо хилларг, ишта цо хьийхира шен махкахошна йаккхийчу гIаланашкахь шайн кисанахаь паспорташ леладе аьлла.
"Синкхетамехь болу бахархой" олучу нехан лелар низамехь дуй аьлла, хаттар динчу, Нохчийчуьра йукъараллин цхьана организацица болх бечу адвокато бохура (оха цуьнан цӀе ца йовзуьйту кхерамазаллин бахьанашца): бахархойн дакъалацарна а, зуламна а йукъахь долу сиз Ӏаламат дуткъа ду.
"Талламаш беш, кехаташ толлуш, йа нуьцкъала нах дӀабуьгуш болчу патрулехь дакъалоцучара, коьртачу декъана, шайн хеттарг лелош ду. Цхьана а "патриотан дог-ойла хиларо" уьш жоьпаллех мукъабохуш бац", - боху къамелдечо. - Амма кхин цхьа хаттар а ду: хьан бакъо йелла оцу нахана урамашка бийла? И тайпа акцеш ша-шех кхоллалуш йац".
Цхьаммо леладойту хIума ду?
"Оьрсийн йукъаралла" вовшахтоьхна йу 2020-чу шарахь. И кхоьллина тоххара "Дахарехьа" цIе йолу боламан координатор хиллачу Чесноков Евгенийс, Омск гIалин кхеташонан вице-спикер хиллачу Ткачук Андрейс а, "Спас" а, "Царьград" а телеканалашца йукъарло хиллачу журналисто Афанасьев Андрейс а.
Йуьхьанца организацин болх меттигера бара: националистийн дог-ойла йолчу жигархойн цхьацца тобанаша дӀахьора мигранташна дуьхьал акцеш. Амма кху тӀаьхьарчу шерашкахь "Оьрсийн йукъаралла" шуьйрачу барамехь а, системан кепехь а лела йолайелла – социалан машанашкахь координаци йарна тӀера базаршкахь а, кафешкахь а, йукъара хIусамашкахь а, хостелашкахь а рейдаш йеш, шаьш дийриг видео тIе дIа а йаздеш, бизнес шаьш дIакъовлур йу бохуш, цуьнан долахошна кхерамаш а туьйсуш.
Боламан коьрта телеграм-канале, "Оьрсийн юкъаралла ZOV" агIоне карарчу хенахь йазвелла ву 660 эзар сов стаг, ткъа регионан каналашка йазвелла - 150 гергга. Боламан гаранаш болх беш йу Москвахь а, Подмосковьехь, Петарбухехь, Екатеринбургехь, Краснодарехь, кхечу гӀаланашкахь а. Екатеринбургерчу филиалан координаторо, самбист хиллачу Черноскутов Игора дийцарехь, 2024-гӀа шо йуккъе далале йеккъа цхьана церан структура лаьтташ йара 14 эзар гергга стагах.
Бехкзуламан бакъо лелорехь шалха стнадарташ хаало тхуна
"Медуза" хьасто чIагIдарехь, "Оьрсийн йукъаралла" кхоьллина хила тарло къайлахчу сервисаша Iуналла а деш, церан тIедахкаршца уьш лелаш хила а шеко йац. Шога акцеш дIайахьа ницкъахошкара пурба хилла ца Iаш, церан Iалашонаш кхочушйеш, шайлахь мигранташна а, кегийчу къаьмнийн векалшна а тIелетарш а долуш.
Изза аьлла хета адвокатна, "Мемориалан" хиллачу декъашхочунна Гисаев Ахьмадна:
"Фашистийн кхетам болу йукъараллаш гучуйийлар, церан лелар а керла хӀума дац Оьрсийчоьнна. Дагайаийта 1990-гӀа шерийн а, 2000-гӀа шерийн а йуьхь: "Оьрсийн марш, ДПНИ - "низамехь йоцучу иммиграцина дуьхьал болам" - иттаннаш кегий ультрааьтту тобанаш а. Москвахь урамашкахула факелш карахь буьйлабелла лелара уьш, националистийн лозунгаш кхийкхош. И организацеш кхиош а, церан Ӏуналла деш а йара леррина сервисаш. Церан цхьа ойла йара - "Оьрсийчоь оьрсашна" аьлла.
Гисаевс бахарехь, ультрааьтту тобанийн дукхахйолу акцеш Оьрсийчоьнан бехкзуламан кодексан артиклашца дуьхьал гIуллакх айдан бакъо луш йу.
"Низамашца рейдаш, тӀелетарш, кхерамаш тийсар экстремизм а, къаьмнашна юкъахь цабезам кхоллар а санна дӀайаздан мегаш ду. Амма пачхьалкхана оьшуш дац и оцу "жигархошна" тIаьхьабийлар. Уьш оьшуш мел бу, уьш ловр бу цара. Царах пайда болу царна: цара гӀо до адамаш кхерамехь латто а, социалан а, экономикан а проблемашна тӀера тидам дӀабаккха а. Амма цаьргара гIо кхин шайна ца оьший, уьш дIабаха буьйлалур бу уьш",- аьлла хета къамелхочунна.
"Оьрсийн йукъаралла" шеггара лелаш а йоцуш, къайлахчу сервисийн Iуналлица хилар дIахьедира "Ахмат" спецназан командиро Алаудинов Аптис а. И дара хьуна 2024-чу шеран гIадужу-баттахь Нохчийчоьнан обмбудсмено Солтаев Мансура Iедалхошка цу организацих хьовсахьара аьлла, дехар дича. Дуккхаъ а аьрзнаш динера цуьнга воьду-вогIучуьнга кехаташ хоьттуш, рейдаш йо цара аьлла.
Официалан хьаькамаш формалехь "Оьрсийн йукъаралло" лелош долчунна реза бацахь а, церан риторика кест-кеста цхьаьнайогIу ультрааьтту агIор болчаьрца. Масала, Талламан комитетан куьйгалхочо Бастрыкин Александра сих-сиха олуш хеза, мигранташ Оьрсийчоьнна кхераме бу.
2025-чу шеран стигалкъекъа-баттахь Петарбухерчу дуьненаюкъарчу юридикан форумехь вистхуьлуш цо дӀахьедира, мигранташна йукъахь зуламаш кхидӀа а алсамдовлуш ду аьлла. Шеран хьалхарчу кварталехь, цуьнан зерашца, цу тайпа зуламаш даран терахь 15% алсамдаьлла стохка оццу муьрца дуьстича. Бастрыкина бохура ишта, тӀеман талламан урхалло рейдаш дӀахьош йу, цу муьрехь "лаьцна" Оьрсийчоьнан гражданалла йелла хилла 80 эзар мигрант, царех 20 эзар Украинина дуьхьал тӀаме хьажийна аьлла.
ТIе куьйгаш дахьа йиш йоцурш
Редакцица къамел динчарна хетарехь, "Оьрсийн йкъаралло" лелочунна йукъагIорта полицина цалаарх кхетон йиш йу Iедалхоша царна гIортор йеш хиларца. Ницкъахой кхоьру, шаьш а талламо хьийзорна. Ишта нисделира Санкт-Петербургехь: 2024-чу шеран марсхьокху-баттахь таксхошна а, "йукъараллин" жигархошна а йукъахь дов даьллачул тIаьхьа полицино лийцира къаьсттина шогаллица лелла декъашхой. Цул тIаьхьа Талламан комитето Бастрыкинан тIедилларца бехкзуламан гIуллакх айдира полисхошна дуьхьал. Шайгарчу бакъонел совбийлина уьш аьлла, бехкебеш.
Цуьнца цхьаьна, Кавказера нах националисташа лелочунна дуьхьал жоп луш цхьа агIо лело буьйлалахь Ӏедалша туьду и экстремизм йа стабилаллана кхерам латтор санна. Цу кепара, Люблинера паркехь нохчийн кхиазхой лецна инцидент хиллачул тӀаьхьа гоьваьллачу поп-ММА латархочо Исламов ИбрехӀима "Оьрсийн йукъараллин" жигархошка видеохаам дӀайазбинера. Дукха хан йалале иза лаьцнера спортзалчохь. Амма дукха хье ца веш, дIахийцира.
Цу кепара чоьхьара политика лелош арахьара мостагI оьшуш а вац
Зударийн бакъонаш Iалашйечу йукъараллин организацица цхьаьна болх бечу адвокато дийцарехь (оха цуьнан цӀе ца йовзуьйту кхерамазаллин бахьанашца), къоман хаттаро Оьрсийчохь халкъашна йукъара барт эгIо тарло: "И тайпа конфликташ даима а хилла. Хьалха пачхьалкхо жоп лора царна - даима а пайдехьа ца хиллехь а. Тахана вайна го шалха стандарташ лелош бехкзуламан бакъонехь. "Оьрсийн йукъаралла" санна йолчу организацеша лелочунна бIаьргаш хьаббо Iедалхоша. Оцу йукъанна цхьаболчу мигранташна, йа бусалба нахана деш долу таIзар къаьсттина къиза хуьлу".
Масална адвокато дийцира жуьгташна дуьхьал ХIинжа-ГIаларчу аэропортехь 2023-чу шеран гурахь лелийна къепедацарш. Цигахь дакъалаьцначарна хенаш йетта чохь йахийта, "кораш дохорна" а цхьаьна. Цо ишта хьахийра ГIебарта-Балкхаройчохь леллачу "шариIатан патрулийн" гIуллакх а. Цуьнан декъашхошна а йаккхий хенаш йетта тарло чохь йаккха.
"[Оьрсийчуьра Путинехьа болу] политикашна хезахета, Малхбузе Оьрсийчоь йохо гIерташ йу бохуш, йух-йуха дуьйцуш. Амма суна хетарехь, оцу кепара чоьхьара политика лелочу хенахь, арахьара мостагIий оьшуш а бац. Къоман хаттарх Ахиллесан кIажа хила тарло пачхьалкхана", - дерзийра къамелдечо.
- Стохка дечкен-баттахь Ростовн кӀоштарчу Красный эвларчу бахархоша а, "Оьрсийн йукъараллин" жигархоша а меттигерчу куьйгалхочунна тӀедожийнера, цигарчу кхиазхочунна тӀелатар динчул тӀаьхьа, массо а тIебаьхкина нах арабаха аьлла. Цунна жоп луш, Талламан комитетан куьйгалхочо Бастрыкин Александра "мигрантийн низамехь доцу лелар" талла аьлла омра динера.
- Краснодаран кIоштахь 22 шо долчу блогерна Гнеев Борисна (цо бусалба дин тIеэцначул тIаьхьа Мансур цIе ийцира цо) протокол хIоттийра адамашна йукъахь гамо, мостагIалла даржорна. Иза лаьцначул тIаьхьа машанехь ролик дIасайаржийра, цу тIехь цо шена гечдар доьхура. Цул а кIира хьалха массарна а гуш-хезаш лийнера иза националистийн "Оьрсийн йукъаралла" организацин хьалханча волчу Ткачук Андрейна.